Мамакаев 1аьрбин 105 шокхачарна лерина цхьаьнакхетар
05.12.2023Хьехархо: Дакаев Новрдин Хьавани
Мамакаев 1арбин 105-шо кхачарна лерина.
Дешархо: дуьйцу Мамакаев 1арбин дахарх а,кхоллараллех а лаьцна.
Стаг дахар кхача а делла, шен бакъдуьнене вирзинехь а йовш йац цуьнан ц1е, нагахь цо шен дахарехь йитина сирла лар йелахь. Ишттаниш адамийн дегнашкахь беха дуккха а шерашкахь. Цхьаволчо шен хьуьнарш доьналлица гойту, вукхо хьекъалца, кхоалг1ачо дашца…
Поэзехь уггаре а коьрта берг поэтан кхоллам бу- талламаш ца оьшуш бакъдерг ду иза. Иза дукха хьолахь биографин терахьашна йуккъе ца тарлуш, баха буьсу иллин дашца, цу дешан х1ора а озаца билгал а болу. Хан йог1у цкъа керлачу т1аьхьено «яздан ницкъ боллушехь, ца яздеш дисна» дош а, «лаамзий, лаамций поэт лелла некъаш» а билгалдохуш. Оцу шен дашехь х1ора а керлачу чкъуре шен хенан а, шен вахаран а къайленаш лехийта ницкъ кхочушверг воккха поэт ву. Вай тахана вовшахкхетта нохчийн хьакъволу поэт-лирик, яздархо, Теркан илланча Мамкхин Шамсуддин к1ант 1арби дагалаца. Йоккха сирла лар йитина цо шел т1аьхьа дуьненчохь йаха. 1арбин доццачу дахарехь, йоккха меттиг д1алоцу цуьнан кхолларалло нохчийн литературин дахарехь. Тахана вайца иза вацахь а, йицлуш йац йа йиц а лур йац цуьнан ц1е. Цуьнан говзарш, т1екхуьу чкъор иманехь хила, Даймохк, 1алам деза, безам ларбан 1амош, кхин а б1еннаш шерашкахь йехар йу адамийн дахарехь…